Нохчийн меттан йиллина урок.

05.03.2015

"Ц1ердош, цуьнан грамматически билгалонаш" темина лерина йиллина урок д1аяьхьира 5-чу Г класс чохь Баршигова А.Д.Аллах1-Дала х1ара дуьне ша кхуллучу хенахь дуьххьара Адам а, Хьава а кхоьллина. Царшинна массо а х1уманийн ц1ераш а 1амийна.Шайна еша ца хиъна ц1ераш Адама ешча, маликаш цецдевлла хилла. Деле адамаш ма кхоллахьара ахь, шаьш ма дара хуьна муьт1ахь бахарна дохко девлла уьш.Аллах1-Деле цара аьлла боху: "Аллах1- Дела хьо бакъ ву, тхуна цахуург хууш берш кхоьллина ахь"- аьлла Аллах1- Далла хостам бина боху маликаша.Цу хенахь дуьйна схьадог1уш ду ц1ердош массо а хуманан ц1е хилар. Ц1ердашца массо а х1ума билгалдаккхар.