Ненан мотт- сан дозалла!

17.04.2019
17 апрелехь г1илоакх- оьздангалла хьоьхуш волчу хьехархочо Денисултанов Ханибан Мохьмадгирис д1аяьхьира Ненан меттан Денна лерина мероприятии "Ненан мотт- сан дозалла". Цуьнан 1алашо яра: нохчийн мотт сий ойбуш 1алашбар; шен доьзалехь и мотт нийса бийцар марздар. Ненан маттах лаьцна байташ ешарца дуккха а дешархоша жигара дакъалецира цигахь. Хьехархо шен 1алашоне кхачарца, дешархойн самукъадаларца чекхъелира мероприяти.